Помогите!!!!!! сочинение на чеченском на тему НАНА

Ответы

Ответ дал: artem2727271
3
Нана. Нена ойла дагчуьра дIаяьлла зама йогIур яц, иза йоцаш йисича а. Массо а нана хаза а, оьзда а, комаьрша а, къинхетаме а, собаре а ю. Кхин а ма дукха ду-кх цуьнца дика хIуманаш. 
 
Нана дIаяьлча йоьIан дагтIера зезаг дужу олуш ду вай. Дика къант ву, ша цомгуш хилла а бен шен да-наний  холча ца хIоттийнарг, олуш ду нохчийн киц. Дуьненчу девллача дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна лардеш ду бер ден а, ненан а шега болчу безамо.

Бер доккху хуьлуш, дозалла а деш, хьоьжа шен дега-нене, ма онда а, массо а хIума дан хууш а ву дада, ма хаза, марза ю нана бохуш. Ткъа дас-нанас сатуьйсу шайн берех дика адамаш хиларе, шайн хиллачул а гIоле дахар хир дацар те церан бохуш. Да-наний ду вай дахаран новкъахь дIадуьгурш.  

Вайн дайша олуш хилла, да-наний маликаш санна ду олий. Цара лар а вийр ву, кIелхьара а вокхуш ву. Да-наний деза Iама, и шиъ дицдан ца деза, тIаьхьа байттамал ца хилийта. Вайн дайша къонах зуда ю олуш хилла, сий долуш, де долуш, къоманна тIе бала беача, шен дахар дIадала а кийча йолчу зудчух.
 
Нохчийн къоман актрисо Багалова Зулайс нохчийн мехкарийн а, зударийн а сий дар схьадогIуш ду боху, геннарчу бIешерашкара.
Вас заинтересует