сочинени "нохчийн къоман зуда"СРОЧНО!!!!!​


samsungmans048: Сочинени нохчийн къоман зуда

Ответы

Ответ дал: ahihazieva
86

Ответ:

Нохчийн къоман дозалла ,къоман сий хилла даимна нохчийн зуда, къоман къонахой кхиориг сий дол нохчийн зуда ю...Къоман зуда, кьоман сий аьлч ,сун сан даго хьоьхуриг сан нана ю, ишт х1оранна ю аьлла хет суна .Хьалха заманахь дуьйна нохчийн зудчо схьакхоьхьург вуно доккха дукъ ду. Халкъ махках даккхар, тIемаш, къизалла, мацалла… Дуккха а ду турпалчу нохчийн зударийн, нанойн лан дезнарш. Вайн къоман оьзда гIиллакхаш, дайн Iадаташ, хаза ламасташ жовхIаран бIаьрг санна лардеш, хIокху дийне схьакхачийна вайн наноша. Уьш хьакъ ма-дду ларийна бусалба дино а, Даймахко а шайна тIедехкинчу декхаршца. Цаьргахь баккъал а доккха хьуьнар, собар хилла хилар вайна гойту таханлерчу дийнахь нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ хала Iалашдалуш хиларо.

Вас заинтересует